“Тховса ирс ду хьа“ Новая песня 2017 (исполнитель: Мадина Сайтаева)
1 куплет Ирсах ма ваккхариг тховса ирс ду хьан, Делехь ю вайн Кхане, хастам бу Цунна! Вай цхьана, яьккхинчу цу хеннан дуьхьа, Яздо ас т1аьххаьра сайн илли хьуна. ПРИПЕВ Со-м б1аьрзе елара хьоьга ца хьежа, Хьо сайна гича хьуна ца къежа. Елара со къора хьан аз ца хаза, И хазаза де даьлча сан дог ца лаза. Елара со мотт сецна веза ца баха, И баха йиш йоцуш сайна атта яха. Делара а соьгахь муьлха а сакхат, Хьо вовза йиш йоцуш хир яра парг1ат. 2 куплет Мерзаниг дукха йиъчи цунах до хьара, Цу балех ца волуш ун хьулу цунна. Ткъа суна-м везаш хьо ца хиллехьара, Хала хир дацара хьох яла суна. ПРИПЕВ 2 раза Со-м б1аьрзе елара хьоьга ца хьежа, Хьо сайна гича хьуна ца къежа. Елара со къора хьан аз ца хаза, И хазаза де даьлча сан дог ца лаза. Елара со мотт сецна веза ца баха, И баха йиш йоцуш сайна атта яха. Делара а соьгахь муьлха а сакхат, Хьо вовза йиш йоцуш хир яра парг1ат.