Дай баьхна латта (исполнитель: Алимсултанов Имам)

Х1ар ду и сан хьоме дай баьхна латта.
Чехка терк, токх аре, вай лаьмнаш, хьаннаш.

Деза и мерза ду, ваха ду атта.
Къорза к1ур санна го дай баьхна латта.

Хьена дог деладац, хьеначу латто?
Хьоьшуш а, хьоьжуш а, хьедаьш а нохца.

1уьйренца ловзадеш, суьренца товжадеш.
Эсала марг1ал цуо ластош а мохца.

Шайха Мансура сийдина латта.
Зелимха ша ц1ийца ц1ийдина латта.

Хийла к1ант хьийзина, хийла лом ц1ийзина.
Б1ешарийн баланаш хуьйдина латта.

Дахалахь, дахалахь дай баьхна латта
Хьан к1ентий айбелла хьан бала човхо.

К1ентийн дог дахчада, мостаг1ий чахчаба
Боккха ницкъ беци хьан, Даймехка йовхо.

Шайха Мансура сийдина латта.
Зелимха ша ц1ийца ц1ийдина латта.

Хийла к1ант хьийзина, хийла лом ц1ийзина.
Б1ешарийн баланаш хуьйдина латта.

Хьоме сан вежарий хийрачу махакара,
Сатуьйсу аша шайн Даймехке.

Цигахь ду кешнаш, цигахь ю рег1наш.
Цигахь, кхузахь а дехийла вай бертахь.

Шайха Мансура сийдина латта.
Зелимха ша ц1ийца ц1ийдина латта.

Хийла к1ант хьийзина, хийла лом ц1ийзина.
Б1ешарийн баланаш хуьйдина латта.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Александр Розенбаум Бабий яр  Александр Розенбаум Флагманский марш  Александр Розенбаум Я часто просыпаюсь в тишине  Александр Розенбаум Осень  Александр Розенбаум Восемнадцать лет спустя  Александр Розенбаум Вальс - бостон  Александр Розенбаум Ярмарка 
О чем песня
Алимсултанов Имам - Дай баьхна латта?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен