Захало (исполнитель: Мадина Хамидова и Петимат Еснакаева)

Зезагал хаза кхиъна хьо яьлла,
Хьо езаш, оьшуш цхьа къонал ваьлла
Захало дийца боху цо хьоьца
Хьо хир ю боху ирс долуш шеца
И ирча хилчи со тайна хилчи
Кхетачу малхах со хаза хилчи
Сан дог ца дог1у цуьнга ладег1а
Цун хазчу хабарех со-м ца ло 1еха.
Припев:
Ахь т1ехьлонна ойла е
Хьо еза йо1 ахь къастае.
Со маре яха сих ма е
Сан жима хилар диц ма де.
II.
Шен кхобуш шортта даьхний ду боху
Юртана тоъал ялт а ду боху.
Ша кура-коча лелор ю боху
Дешеха ша хьо кхолур ю боху.
Божалла, даьхний елла со яла,
Х1ун г1уда ду те тоьхна сун Дала
Къахьега йоьлча кеглур ю м1араш
Ас дера деза сайн куц да 1алаш.
Припев:
Ла дог1а соьга сих ма ло
Д1атетта к1ента захало.
Хьалхе ду х1инца жима ю
Со дешна яла езаш ю.
III.
Цо мел сатуьйсу хьо шега яре
Ахь иза лаьцна боккхачу бале.
Со езачуьнга г1ур ю со алий,
Д1аг1охьа цуьнга сихонца маре.
Уьш мел ву, мас ву дийцина вер вац
Со ц1ера ц1ераш кхаьбна а ер яц.
Уьш берриш даим лоьруш 1ан еза
Сан цкъаъа цуьнца чуерзар хир дац.
Припев:
Ладог1а соьга, коча йо1,
Ца оьшу ойла х1унда йо.
Ахь говза хаза дийцина
Сан ойла ахьа хийцина
IV.
Сан б1аьра хьоьжуш синош цо доху,
Д1ахеца хаьржин яц ас и бохуш,
Хьо цуьнга яхча ю хьуна г1оли
Ас бохург дехьа берта а йолий.
Цу махал маса, цу махал чехка
И санна къонах ца хилла мехкан
Эхь доцчу к1ант ас сатуьйсу варе
Мел парг1ат яр со хьо сайна гаре.
Припев:
Ц1арна ц1е яхна юьртахо
Дог лозуш вожо йоллу хьо.
Эхь доцу к1ант, х1ай юртахо
Везарна цуьнга йог1у со.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
The Arkhams  Прищепа  Silence Vocal Trance  О чем плачут гитары молдавский ВИА Норок  Акаку акаку  Только ты Динара Джамалудинова 
О чем песня
Мадина Хамидова и Петимат Еснакаева - Захало?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен