Баркалла цу хьа нанна (New 2015) [M95] (исполнитель: Мадина Юсупова и Турпал Абдулкеримов)

Лаьмнашкахь шовданаш даимна 1енар ду
Байт1ехь ц1ен зезаг хьан дуьхьа кхуьур ду
Хазачу стиглахь дашо малх даина къегар бу
1аьржачу буьйсан цу стиглахь седарчий лепар ду
Х1инцам ахьа ойла е, ас хьайга дуьцучух
Безамна ахь само е со хьоьга хьоьжуш ву
Х1инца-м ас хьо хаьржина
Сайна хьо къастийна
Еза аьлла хьаьстина
Аса-м хьо хьаьстина

Припев
Баркалла цу хьа нанна
Ишта хаза хьо кхиорна Баркалла цу хьан нанна
Хьо суна яларна
Баркалла цу хьан нанна
Иман хьуна даларна
Баркалла цу хьан нанна
Ишт хаз хьо хиларна

II. Сайн дог хьуна ас д1а лур ду
Сайна хьо езарна
Хьо ас сайна юьгур ю
Сайна хьо езарна
Доггаха ас хьо лорур ю
Сайн безам д1а белла
Езаш ас хьо лелор ю
Сайна хьо хиларна

Припев
Баркалла цу хьа нанна
Ишта хаза хьо кхиорна Баркалла цу хьан нанна
Хьо суна яларна
Баркалла цу хьан нанна
Иман хьуна даларна
Баркалла цу хьан нанна
Ишт хаз хьо хиларна 

III. Б1аьргаш хьан маьл хаза ду
Малх санна къегина
Лелар хьан мел хаза ду
И сирла шовда санна
Безам вайшинна мел хаза бу
И мела дог1а санна
Аса-м хьо юьгур ю
Сайна хьо езарна

Припев
Баркалла цу хьа нанна
Ишта хаза хьо кхиорна Баркалла цу хьан нанна
Хьо суна яларна
Баркалла цу хьан нанна
Иман хьуна даларна
Баркалла цу хьан нанна
Ишт хаз хьо хиларна
Х1ара илли д1а дели
Сан безам ч1аг1 бели
Варандо гуч вели
Сайн безам кхайкхаби
Сан дешнаш чакхдоьвли
Х1ара илли хьуна лерина
Еза хьоьга ас эли
Сайн дог хьуна д1адаьстина.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Завязал Грубов Михаил  Превращение биливикс  Сердце в ладони Григорий Лепс и Анна Давыдова-  О любви немало песен сложено минус  Потерял Тимур Темиров  Блеск Ленка Соколова и Настя Немец 
О чем песня
Мадина Юсупова и Турпал Абдулкеримов - Баркалла цу хьа нанна (New 2015) [M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен