Баккхийчу белхан Да ву-кх Хьо ва Везан Дела! (исполнитель: Мохьмад закан-юртара)

Боккхачу белхан Да ву кха хьо, ва везан Дела,
Бухахь боьттина бух боцаш, к1ел тесна дечкаш йоцаш,
Хьарчийна муш боцаш, хьовзийна гял йоцаш,
бухахь боьттина бух боцаш,
Х1аваъехь тхов бина, стигланаш совцийна,
ахьа иза стигланаш совцоран ч1аг1о схьа йийца, хьо воцарг да воцаш,
1уьйранний, суьйранний бес бесар серлонаш, цу стигланеха, ахьа гуча юьйхаш,
Иза серлонаш, цу стигланеха ахьа гуча йийхаран ч1аг1о схьа йийца хьо воцарг да воцаш,
Боккхачу белхан да ву кха хьо, ва везан Дела.
2.

Боккхачу белхан Да ву кха хьо, ва везан Дела,
Хьайн латта т1ехь кепаш хиттийна, цу кепош чохь пхьег1анаш ехкина,
Оцу пхьег1анаш чу, баххаш хуъаш доцу х1орданаш доьттина,
И х1орданаш цу шен-шен пхьег1анаш чохь латта деш,
айхьа махаца ловзош лаьтташ долчу х1орданийн яккъаш, хьайн ч1аг1онехь совцийна,
иза ч1аг1онаш ахьа совцоран ч1аг1о схьа йийца, хьо воцарг да воцаш,
дуьрниг ц1еначух ца оьйташ, ц1енниг дуьрачух ца оьйтуш,
и х1орданаш хьайн лаьттан букъа т1ехь совца деш,
ахьа уьзш совцоран ч1аг1о схьа йийца, хьо воцарг да воцаш,
Боккхачу белхан да ву кха хьо, ва везан Дела.
3.

Боккхачу белхан Да ву кха хьо, ва везан Дела,
1уьйренца д1алохкаш да воцаш, суьйренца ц1алохкаш да воцаш,
Луьйш шай багахь меттанаш доцаш,
Оханаш деш, дуьйш ялташ доцаш,
Шайн дола деш, 1уналла деш да воцаш,
Ва 1аьнна йовхонна, аьхкенца, шелонна,
Буьйсанна йийшарна, 1уьйранна г1овтарна,
Дуачу даарца, молучу маларца церии кхачо латта еш,
Шайна т1е хоттийна дола деш да воцаш,
Эзар-эзар тайпана садолу х1уманаш, кху лаьтта букъа т1ехь
Хьай ч1аг1онца кхоьллина,
Уьзаш ахь кхолларан, кхабаран ч1аг1о схьа йийца,
Хьо воцарг да воцаш,
Боккхачу белхан да ву кха хьо, ва везан Дела.
4.

Боккхачу белхан Да ву кха хьо, ва везан Дела,
Х1орданий букъат1ехь латтанаш даржийна вахьа тесна,
Хьай латтанаш т1ехь шен-шен мотт болуш,
Шен-шен г1иллакхаш долаш, меттанаш долаш,
Латтанаш дяькъначу дазонаш чохь халкъаш, 1аламаш кхоьллина,
И халкъаш, 1аламаш ахьа кхолларан ч1аг1о схьа йийца хьо воцарг да воцаш,
Дай букъера, наной киранашка далийна,
исса баттахь наной кирахь хьай ризкъанашца кхаьбна,
ца1а а бохам боцаш, кху маьлха дунен чу даьхна,
Б1аьргашна сагар дела, лергашна хазар дела,
багара мотт ле бан, хабар 1амийна,
даъа даар дела, мала малар деллар, духа духараш дела,
Хьайн латтанаш т1ехь ялсаманийн бошмаш ехкина,
Тхо цу беша ляхкина, дузийна, дарстийна, хьай латтанаш т1ехь д1а хяцна,
Ахьа кхоьллина долу 1аламаш кхаба ризкъанаш дехкина,
Ахьа иза 1аламаш кхолларан, кхабаран, лелоран
ч1аг1о схьа йийца, хьо воцарг да воцаш,
Боккхачу белхан да ву кха хьо, ва везан Дела.
5.

Боккхачу белхан Да ву кха хьо, ва везан Дела,
Маьлха йовхоно, къагийна, хаздина латтанаш т1е,
Даржийна, вахьтесна къорза дари сана, бес бесар бос болуш,
Шен шен чам болаш, бецаш стоьмаш г1итта беш,
Туьх тесна дурр бан безаш боцаш, шекар тесна марз бан безаш боцаш,
Чомехь чам тобина, ризкъанаш ялташ, стоьмаш кхоьллина,
Аренашкахь даржийна, бецан сийна байнаш вахьа дехкина,
Оцу байнаш, аренаш т1аьхь хьайн дерриге 1аламаш кхобаш,
Б1аьрги нур къагийна, дегнашна там бина
Дерриге дуьне шеен беснашкахь 1аламана халкъана кеч дина,
Ахьа кхоьллиначу 1аламашка царех ирс оьцийташ,
Маьлха йовхоне орамаш дохтойташ, 1аьржачу латтанашкахь,
Бес-бесар зезагийн каппаш г1итта еш, 1аламаш хьоьсташ,
Ахьа хьайн 1аламаш хаздаран ч1аг1онаш схьа йийца, Хьо воцарг да воцаш, Боккхачу белхан да ву кха хьо, ва везан Дела.

6.

Боккхачу белхан Да ву кха хьо, ва везан Дела,
Шеран шийта батах ши дакъа дина, ялх бата чохь йовхонаш хита еш,
Латтанаш цу йовхоне хьоьстийташ, Вукха ялх бата чохь
Дуьненан кийра шелонаш хоьций,
Ни1матех къегина латтанаш шелонца д1а лоций,
Г1ора дой, г1опалле дой, айхьа чу са диллиначу орамашна
шелоне го лоцийти, шурула к1айн, бамба сана,
Лаьтта букъе даржийна, лайна юрг1а тосийти,
И дакхийри х1орданаш, кегийра хиш г1ора дойти совца дойташ,
Хьолан дай а, миска нах а, цхьа терра шал бой
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Я вчера напился в жопу  Ну где же вы девчонки  Глянцевой  Birds M83  Привет мы не виделись сто лет  Life I Left Behind Aiden  Болтунья  Fiction The xx 
О чем песня
Мохьмад закан-юртара - Баккхийчу белхан Да ву-кх Хьо ва Везан Дела!?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен