Ахь яздо (исполнитель: Марха Абитаева (Сл. Ш. Рашидов))

Ахь яздо: Дерриге чекхдала деза,
Ницкъ бац кхин безаман баланаш лан.
Дуьнен чохь массарел суна-м хьо веза,
Доьху хьоь, цхьа к1еззиг ойла е сан.

Кхета со, дац хьуна х1умма а атта,
Х1унда вай къасталац алахьа соь?
Хьеречух лела со ца гича баттахь,
Х1ун де ас, дог дуьзна безам бу хьоь?

Цкъа к1еззиг ладог1а, сихалла атий,
Тешалахь, кхетар бу вайн ирсан малх.
Хьоьжур ду вайх цхьаьна ц1инлуче батте,
Даккхий деш дехар ду халонаш гарх.

Кхета со, дац хьуна х1умма а атта,
Х1унда вай къасталац алахьа соь?
Хьеречух лела со ца гича баттахь,
Х1ун де ас, дог дуьзна безам бу хьоь?

Ас хьуна иллешкахь кхоьлина ага,
Гойтур ду б1аьстенан баца юкъахь.
Диц дийр ду, тешалахь, кхерамехь ягар,
Хадор бу хьегначу халонийн мах.

Кхета со, дац хьуна х1умма а атта,
Х1унда вай къасталац алахьа соь?
Хьеречух лела со ца гича баттахь,
Х1ун де ас, дог дуьзна безам бу хьоь?
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Nika lenina Phi Brain  Мандаринки - пмс  Сен ушин жаралгандаймын Мейрамбек Бесбаев  Nothing Like Us cover Justin Bieber Daniel J  Юлия Альбах  Ilana avital  SPORTOWA WARSZAWA BONUS RPK  Assassins creed3 
О чем песня
Марха Абитаева (Сл. Ш. Рашидов) - Ахь яздо?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен