Нохчийчохь (исполнитель: Нохчийн Илли)
Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано. Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и. И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло, Набарна оьгу уьш, сан Iалашонаш а юий... ГIаш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин, Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа. БIаьрг баса баккхарал совнах шен бIаьрлачу сийналлин, Стигало-м хебадо тIехь маьлхан нур даьгна хьаж а. Мархаш ю - билхина маьлхан бIаьрг бакъабен йовлакхаш. Уьш хIинца бIаьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха. Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха, Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа. Дехкаша нох дохуш санна ду шур-шур дар дерзано... Дохк муьйлу лаьтто - ша лам оьзна, яьккхина шура. Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано, Ду иза сан бIаьргийн нур оза ца дашшал кура. Хьан хIуонехь х1ун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа, ТIаьхь-тIаьхьа шийлачу хаспашка марзделла Iалам? Генна дIа кхийсахьа гIайгIанан герканаш цкъа мукъа, Хьо чIанадоллушехь горбоьду сан бIаьргийн тIалам... Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран, Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина. Ахь суна тIехула лаьцначу стигалан четаран Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина. Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло, Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш... Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано, Сирлачу гIайгIанан хих йохуш адамийн уьйраш... дешнаш Юсупов Iилманан мукъам Келоев Iийсайн