Хьамзат Эльханов (исполнитель: Вирд маьл балар)

Вирдан мел

Суьли махкара а вай махкара а молланаш вовшех кхетта, Хьажи волчу (Дала къайле тайойла цунна) бахана хилла, цара цигахь Хьажига аьлла хилла.
- «Хьан вала меттиг боцуш долу хьан гIалат гуча даккха даьхкина тхо» - аьлла.
- «Дела реза хуьйла шуна, шен гIалат даьлча, гIалат даьллийла хууш, ша меттахIотта лууш, даьхкина ду-кха шу, бусулба дин вашалла ду-кха аш деънарг, муьлха ду шен гIалат, хьаалийша» - элира бахара Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
- «Ахьа хьайн вирдан мел кхайкхош заманчохь, Шайхаш, Авлияаш , Устазаш балийна ахь юккъе, хIара Делан дин доккхуш, безачу сийлахь баьхкина болчу Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш ца балийна ахь, хьан вала меттиг боцуш гIалат ду-кха иза Киши воI» - элира бах.
ТIаккха Хьажас элира бахара:
- «Маржа Iеламнах яI, Iеламнах делахь дацахь Iаьрбийн мотт хууш нах ду-кха шу, ша цхьа хIума хоттур ду шуьга. Шайхаш бохучунна маьIан хIун ду?» - элира Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
- «Шайхаш бохуш долчунна маьIан - Делан дин бахьана долуш Делан динца баккхий хилла нах бохург ду иза» - элира цара. 

- «Делан дин бахьана долуш Делан динца баккхий хилларш уггара хьалха Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш бац?».
- «Авлияаш бохучунна маьIан хIун ду» - элира Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
- «Делан дин бахьана долуш Делан герга хилла нах бу бохург ду» - элира цара.
- «Делан дин бахьана долуш Делан
герга хилларш уггара хьалха Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш бацара?».
- «Устазаш бохучунна маьIан хIун ду»
- «Делан динан некъаш халкъана карладохуш берш бу бохург ду-кха иза» - элира цара.
- «Делан динан некъаш халкъана карладаьхнарш, уггара хьалха Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш бацара?».
Аша-м ша цкъа балийча волуьйтура, ша кхузза балийна уьш цу юккъе» - аьлла, Иласхана-юртара Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Begin begin you madcon  Не формату  Восстань Муслим Тимур Муцураев  Europe stormwind  Vast Aire The Man Without Fear 
О чем песня
Вирд маьл балар - Хьамзат Эльханов?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен