Нохчо ву со (M95) (исполнитель: Гр.Ламанхой)

I. Аренца бехаш бол вайн нохчийн к1енти
Вайн Даймохк биц ма белаш
Кийрахь шайн Даймехкан йовхо аш ларъе
Шаьш нохчий дуй хаалаш
Куралло дог дуьзна шаьш лелаш дацахь
Бахамо 1ехийна шаьш дехаш дацахь
Муьлхачу къомана юкъехь д1а ала
Мохь тоххий нохчий ву со
Мохь тоххий нохчий ву со

II. Кхолламца Даймахках къаьстина к1ентий
Вайн мехкан сий ларделаш
Вовшашца доьзалехь ненан мотт бийцалаш
Г1иллакхаш 1амаделаш
Даймехкан сий дойуш шаьш лелаш дацахь
Ненан мотт биц бина шаьш дехаш дацахь
Муьлхачу къомана юкъехь д1а ала
Мохь тоххий нохчий ву со
Мохь тоххий нохчий ву со

III. Хьал долу х1ай нохчий яхь йолу к1ентий
Г1ийлачий ойла елаш
Вай лаьмний шовданий арений сий ларделаш
Вайн мехкан дола делаш
Дайн г1иллакх дицдина шаьш лелаш дацахь
Махках дог диллина шаьш дехаш дацахь
Муьлхачу къомана юкъахь д1а ала
Мохь тоххий нохчий ву со

IV. Вайн кешнаш Даймахкахь ду шуна к1ентий
Дехар ду диц ма делаш
Орамаш дакъделча дакъало дитташ
Шайн кхерча бух ларбелаш
Даймахкахь бух боцуш шаьш лелаш дацахь
Кхи цкъа а дац моьттуш шаьш дехаш дацахь
Муьлхачу къомана юкъехь д1а ала
Мохь тоххий нохчий ву со
Мохь тоххий нохчий ву со
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Где-то там в темноте на глубине  Третий тост Маршал Александр  Просто заходи ты ко мне во сне  Смоки мо (минуса)  Бойцовский дух Правый Берег  Ласточка the retuses  Я убежден Виталий Ефремочкин  Gordon Freeman Saved My Life перевод от Винта 
О чем песня
Гр.Ламанхой - Нохчо ву со (M95)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен