Цхьана хир ду вай (New 2015) [exclusive M95] (исполнитель: Шах Ислангириев и Лариса Садулаева)

I. Х1инца-м воьду со кхечу махка ваха,
Пекъар езаш хьо воьду и ма баха.
Дог ас доьллур дац доьху сох ма кхарда,
Т1еххьара хьо гарх хир дуй дагна дарба.

Х1унда воьду хьо б1аьрхиш дагчохь гулдеш,
Юьтуш яха со ирсан заза гулдеш.
Ас а лелор ду Дала сайна делларг,
Зама йог1ур ю вовшийн диц а делла.

Припев:
Кхин вай гур ца гур хаац мел ду дахар,
Ас сайн б1аьргийн нур дуьту хьоьца даха.
Эзар-эзар шо, б1е эзар шо даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх.

II. Х1инца-м воьду со ца ваьллачу денна,
Хьоьца дуьтуш дог, амма хаац стенна.
Со а лелар ву дахарах ца туьллуш,
Доьг1нарг хир а ду, ца доьг1нарг ца хуьлу.

Т1аьххьара вай гуш вовше б1аьра хьоьжуш,
Эрна дуьйцу вай тахна мел цаоьшург.
Ала лиънадерг коьрто схьа ца лоцу,
Д1а къастаран хан мел йоца ю йоца.

Припев:
Кхин вай гур ца гур хаац мел ду дахар,
Ас сайн б1аьргийн нур дуьту хьоьца даха.
Эзар-эзар шо, б1е эзар шо даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Classic игра на выживание  Алекс феррари  Небо ее глаза  Не выпускай из рук меча  Лайма вайкуле прощай  Пол мира для тебя  Земля как ситцевая скатерть  22 Across The Univers Любэ Николай Расторгуев 
О чем песня
Шах Ислангириев и Лариса Садулаева - Цхьана хир ду вай (New 2015) [exclusive M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен