Нана (исполнитель: Тамила Сагаипова)
Милаша хьа наб ца йохош Куьйгаш т1е хьуна барт олу Дарбане хьа дега йовхо Даимна са даг ца йогу Са да1а со йина нана Доьзална ехар хьо кхана Г1енашкахь жимали кхида Диталахь са парг1ат хьийза Нана хьо са ирсе серло Нана хьо са ирсе серло Тховса бен тидам ца хилла Къоьжала месаш т1е йоьжна Лацалуш дагахь ша бина Йоьлху со г1айби т1е йоьжна Са хаза са хьоме нана Йижахьа биц бай хьай бала Г 1енашкахь бералла леха Дитахьа хьай са маршо йеха Нана хьо са ирсе серло Нана хьо са ирсе серло Мелаша месаршъа хьостуш Муьлу ас хьа дега марзо Хьаналчу куьгех куьг хьокху Ешара мог 1анаш йаздо Йалахьа къинт1ера нана Тхо кхиош ца кхиънехь йаха Нена дог везачу дала Эхартахь маршо йу аьлла