Ас х1у да деза? (исполнитель: Хусейн Бетельгиреев)
Г1ург1езан т1ам санна к1айн Ахь куьг схьакхийдадо дайн - Ас х1ун дан деза те х1инца, Сан куьйгаш дихкина хилча. Хьан озо д1авоьху гена, Денлуче азалин г1енаш - Ас х1ун дан деза те х1инца, Сан когаш бихкина хилча. Ахь, соьга д1аэца бохуш, Хьайн некхехь дог серладоху - Ас х1ун дан деза те х1инца, Сан дагах ша бина хилча. Ма малха юьйлу хьо, малха - Ас х1ун дан деза те х1инца, Дахаро сан дег1ах кхалха Нигатан шад бина хилча.