Медни Лоруш (исполнитель: Т.Сагаипова, З.Ирзаханова, М.Буруева)

Вай къома хьалхара йо1, йиша, нана
Лераме Медни хьоьх дозалла до 
Бос сирла, хаза ю, собаре, ц1ена 
Х1усамехь кхерча мукъ хьа карахь го 

Лераме Медни, тха йиша дикниг 
Хьа дезчу денца декъал йо хьо 
Марнанас хастош, Рамзана лоруш
Яха хьо дахарехь ирсе могуш 

Литтинчу дешел а еза ю бохуш 
Хестайо дикчу марнанас хьо
Ирс я1 хьа, бохуш цергех хи туьйсуш
Хьоьгу хьоьх массу йо1 вай Нохчичохь 

Лераме Медни, тха йиша дикниг
Хьа дезчу денца декъал йо хьо 
Марнанас хастош, Рамзана лоруш 
Яха хьо дахарехь ирсе могуш 

Къа хьегар лакхе ю со вехачу заман 
Теша соьх дахарехь со хьоьца ву
Бохучу к1ента ц1е язъеш денна
Цуьнца хьа яхар а сов сийлахь ду 

Лераме Медни, тха йиша дикниг
Хьа дезчу денца декъал йо хьо
Марнанас хастош, Рамзана лоруш
Яха хьо дахарехь ирсе могуш 

Сагатдо цунна ахь, хьа са ду цуьнца
Хьайчул и даймехка вуй хууш ю 
Даха шу г1оза, вай дахар довза
Доьзала нана хьо, цуьн г1оьнча ю 

Лераме Медни, тха йиша дикниг 
Хьа дезчу денца декъал йо хьо
Марнанас хастош, Рамзана лоруш 
Яха хьо дахарехь ирсе могуш
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Naruto opening 3  Another morning  2pac - lil homies  Sabaton Gott Mit Uns  Silver Apples 
О чем песня
Т.Сагаипова, З.Ирзаханова, М.Буруева - Медни Лоруш?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен