Мухьаммад Закан-юртара (исполнитель: Баккхийчу белхан Да ву-кх Хьо ва Везан Дела!)

Боккхачу, белхан Да, ву кха Хьо, ва Везан Дела

I
Боккхачу, белхан Да, ву-кха Хьо ва, Везан Дела,
Боккхачу, ва, белхан Да-ву кха Хьо ва, Везан Дела,
Бухахь боьттина бух боцуш, кIел тесна дечигаш йоцуш,
Хьарчийна муш боцуш, хьовзийна гял йоцуш,
бухахь боьттина бух боцуш,
ХIаваэхь тхов бина, стигланаш совцийна,
Ахьа иза стигланаш совцоран чIагIо схьа йийца, Хьо воцург да воцуш,
Iуьйранний, суьйранний бес бесар серлонаш, цу стигланеха, Ахьа гуча юьйхуш,
И серлонаш, цу стигланеха Ахьа гуча йийхаран чIагIо схьа йийца Хьо воцург Да воцуш,
Боккхачу белхан Да ву кха Хьо, ва Везан Дела.
2
Боккхачу белхан Да ву кха Хьо, ва Везан Дела,
Хьайн латта тIехь кепаш хIиттийна, цу кепаш чохь пхьегIанаш ехкина,
Оцу пхьегIанаш чу, баххаш хууш доцу хIорданаш доьттина,
И хIорданаш цу шен-шен пхьегIанаш чохь латта деш,
Айхьа махаца ловзош лаьтташ долчу хIорданийн яккъаш, Хьайн чIагIонехь совцийна, и чIагIонаш Ахьа совцоран чIагIо схьа йийца, Хьо воцург да воцуш,
дуьрниг цIеначух ца уьйтуш, цIенниг дуьрачух ца уьйтуш,
и хIорданаш Хьайн лаьттан букъа тIехь совца деш,
Ахьа уьш совцоран чIагIо схьа йийца, Хьо воцург да воцуш,
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела.
3
Боккхачу белхан Да ву кха Хьо, ва Везан Дела,
Iуьйренца дIалохкаш да воцуш, суьйренца цIа лохкуш да воцуш,
Луьйш шай багахь меттанаш доцуш,
Оханаш деш, дуьйш ялташ доцуш,
Шайн дола деш, Iуналла деш да воцуш,
Ва Iаьнна йовхонна, аьхкенца, шелонна,
Буьйсанна йийшарна, Iуьйранна гIовтарна,
Дуучу даарца, молучу маларца церан кхачо латта еш,
Шайна тIехIоттийна дола деш да воцуш,
Эзар-эзар тайпана садолу хIуманаш, кху лаьтта букъа тIехь Хьай чIагIонца кхоьллина,
Уьш Ахь кхолларан, кхабаран чIагIо схьа йийца,
Хьо воцарг да воцуш,
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела.
4
Боккхачу белхан Да ву кха Хьо, ва Везан Дела,
ХIорданий букъа тIехь латтанаш даржийна охьа тесна,
Хьай латтанаш тIехь шен-шен мотт болуш,
Шен-шен гIиллакхаш долуш, меттанаш долуш,
Латтанаш декъначу дозанаш чохь халкъаш, Iаламаш кхоьллина,
И халкъаш, Iаламаш Ахьа кхолларан чIагIо схьа йийца Хьо воцург да воцуш,
Дай букъера, наной киранашка далийна,
исса баттахь наной кирахь, хьай ризкъанашца кхаьбна,
цхьа а бохам боцуш, кху маьлха дуненчу даьхна,
БIаьргашна сагар делла, лергашна хазар делла,
багара мотт ле бан, хабар Iамийна,
даа-даар делла, мала-малар делла, духа-духараш делла,
Хьайн латтанаш тIехь ялсаманийн бошмаш ехкина,
Тхо цу беша лаьхкина, дузийна, дарстийна, Хьай латтанаш тIехь дIа хецна,
Ахьа кхоьллина долу Iаламаш кхаба ризкъанаш дехкина,
Ахьа и Iаламаш кхолларан, кхабаран, лелоран
чIагIо схьа йийца, Хьо воцург да воцуш,
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела.
5
Боккхачу белхан Да ву кха Хьо, ва Везан Дела,
Маьлхан йовхоно, къагийна, хаздина латтанаш тIе,
Даржийна, охьатесна къорза дари санна, бес-бесар бос болуш,
Шен шен чам болуш, бецаш стоьмаш гIитта беш,
Туьх тесна дурбан безаш боцуш, шекар тесна марзбан безаш боцуш,
Чомехь чам тобина, ризкъанаш ялташ, стоьмаш кхоьллина,
Аренашкахь даржийна, бецан сийна байнаш охьа дехкина,
Оцу байнаш, аренаш тIехь Хьайн дерриге Iаламаш кхобуш,
БIаьрган нур къагийна, дегнашна там бина
Дерриге дуьне шен беснашкахь Iаламана халкъана кечдина,
Ахьа кхоьллинчу Iаламашка царех ирс оьцуьйтуш,
Маьлхан йовхоне орамаш дохдойтуш, Iаьржачу латтанашкахь,
Бес-бесар зезагийн каппаш гIитта еш, Iаламаш хьоьстуш,
Ахьа хьайн Iаламаш хаздаран чIагIонаш схьа йийца, Хьо воцург да воцуш,
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела.
6
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела,
Шеран шийтта баттахь ши дакъа дина, ялх батта чохь йовхонаш хIитта еш,
Латтанаш цу йовхоне хьоьстуьйтуш, ву-кха ялх батта чохь
Дуьненан кийра шелонаш хоьций,
НиIматех къегина латтанаш шелонца дIалоций,
ГIора дой, гIопалле дой, айхьа чу са диллинчу орамашна
шелоне го лоцийти, шурула кIайн, бамба санна,
Лаьтта букъе даржийна, лайна юргIа тосийти,
И дакхийри хIорданаш, кегийра хиш гIорадойти совца дойтуш,
Хьолан дай а, миска нах а, цхьа терра шел бой,
Хьайгахь йолу чIагIо Iаламана гуча йоккхий,
Хьо вуйла хоуьйтуш ву-кха Хьо ва Везан Дела,
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела.
7
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела,
Боккхуш ког боцуш, тухуш тIам боцуш,
Шаьш схьа эцна дIа схьа хьош пхьегIанаш йоцуш,
И марханаш хIоьрднаш чу йисса еш,
Цу чуьра цаьрга хиш оьцуьйтуш, юха и марханаш хIаваэ лоьхкуш,
Латтанаш тIе догIанаш делха деш, латтанаш хьан деш,
Шелоний чIагIоно човхийна Iарждина орамаш ден дой,
Лаьтта букъа тIе стоьмаш ялташ гуча дохий,
Iуьйренца хIусамнанас дIа хьарчо мотт санна,
И шело хьарчайой, цхьана боьралаш чу Iана йой,
Маьлхан йовхо лаьтта букъе йосса йой, Iаламаш хьоьстуш,
Хьайн къинхетам баржа беш ву-кха Хьо, везан Дела,
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела.
8
Боккхачу белхан Да ву-кха Хьо, ва Везан Дела,
Хьан латтанаш тIехь гонаш гIаттийна,
Цу юкъехь гIаланаш йоьгIна, ниIмате къегина кузанаш чухала даржийна,
Дашо маьнганаш чу хIиттийна, къорза дареш цу дашо маьнганаш тIе тесна,
Ва Дела, хьо ву бохург ма бакъ дац-кха, Хьо хьехочара лелориг ма эрна болх бу аьлла,
Оцу дашо маьнганаш тIехь агIор яьллачу дуьненан Iесачу чал
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Спасай  Aretha Franklin You Send Me  Be alright  Tj Lola  Sorry instrumental  The 10th Kingdom  Казанцева 
О чем песня
Баккхийчу белхан Да ву-кх Хьо ва Везан Дела! - Мухьаммад Закан-юртара?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен