.commarsho9506 (исполнитель: Bilal - Делах кхерар (ч1ог1а хьехам))

Седарчий жайна ас доьшу
Д1атийна, малделла латта. 
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу 
Волахьа со йолчу хатта.

Буса наб суна ца кхета 
Ц1е летта сан кийра богу. 
Хьуна со ма хийра хета
Лекха ду юккъера ога.

Хьуна со ма хийра хета
Лекха ду юккъера ога.

Сан ойла хьо волчу г1ерта, 
Ахь луьра чехайо иза. 
Дерриге некъаш хьан кертахь
Хунда ву хьо т1аккха къиза?

Хьан б1аьргаш стигланаш сийна
Мел хьежарх ца до уьш к1орда. 
Хьо ларвеш со дукха 1ийна 
Сан безам  шорталла х1орда.

Хьо ларвеш со дукха 1ийна 
Сан безам шорталла х1орда.

Со хьоьга хьоьжур ю хийла
Къовлур ду жима дог буйна. 
Реза ю д1алела г1ийла, 
Хиъчана дуьненчохь вуйла. 

Седарчий жайна ас доьшу
Д1атийна малделла латта! 
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу, 
Волахьа со йолчу хатта.

Хьо суна мел ч1ог1а оьшу, 
Волахьа со йолчу хатта.

Хьо суна мел ч1ог1а оьшу, 
Волахьа со йолчу хатта.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Siro tever  Lilu opa opa  Lets Buck J-Squad  Part IV Lustmord  Tiki Tiki 40love  Kiss the ski  Sine of the lion 
О чем песня
Bilal - Делах кхерар (ч1ог1а хьехам) - .commarsho9506?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен