Маржа йа1 дахар хьа (New 2014) [exclusive M95] (исполнитель: Марем Ташаева)

I. Малх схьакхеташ, д1абузуш
Дахаро шен болар до.
Вай къандала ца лууш
Бахьанаш ма лела до.
Едда яхна бералла
Вайна цкъа а йиц ца ло.
Хуьлу х1инца дера са
Къар ца луш им тийсало.

Припев :
Маржа йа1, хьо доца дахар
Ганза дисна х1ун ду те.
Ирсе волуш ваьхна бахар
Тоъалц ваьхнарг хир вуй те.
Маржа йа1, ас йина ойла
Йоьлхуш лела йисна хьо.
Сан бералла йолчу ойлахь
Хьуна-м хьой бен цхьа ца го.

II. Ненан марзо, ненан кхерч
Х1ора денна лоьху вай.
Ненах доьзна хилла дерш
Ирсана диллина т1ай.
Дахар доьвзина къаной
Церан хаза хьехамаш.
Царах лаьцна г1ан а гой
Г1уьтту дагалецамаш.

Припев :
Маржа йа1, хьо доца дахар
Ганза дисна х1ун ду те.
Ирсе волуш ваьхна бахар
Тоъалц ваьхнарг хир вуй те.
Маржа йа1, ас йина ойла
Йоьлхуш лела йисна хьо.
Сан бералла йолчу ойлахь
Хьуна-м хьой бен цхьа ца го.

III. Шан-ша ваьхна меттигаш
Безам хеташ юьйцура.
Х1етахь хилла г1иллакхаш
Ойлано т1етуьйсура.
Хорам хилла дисча са
Б1аьрхиш гена дисира.
Х1ай, сан ирсе, хаза хан
Хьо ма генахь йиссина.

Припев :
Маржа йа1, хьо доца дахар
Ганза дисна х1ун ду те.
Ирсе волуш ваьхна бахар
Тоъалц ваьхнарг хир вуй те.
Маржа йа1, ас йина ойла
Йоьлхуш лела йисна хьо.
Сан бералла йолчу ойлахь
Хьуна-м хьой бен цхьа ца го.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Не раз и не два  Слишком короток век  Муцураев свобода  Под рёбрами жжёт  Любовь Твоя Сильна  Ай яй яй яй а яй яй я  Not Gonna Die Не умрем Skillet 
О чем песня
Марем Ташаева - Маржа йа1 дахар хьа (New 2014) [exclusive M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен