Деги безам (исполнитель: Зарета Джамалханова)

I. Х1унда ас хьан ойла йо те х1инца,
Х1унда суна виц ца ло те хьо.
Сан хьоьга сатийсар эрна хилча,
Безамо со х1унда хьийзайо.
Вай доьвзина б1аьсте д1а ма ели,
Сан дог шелдеш гуьйре кхечи схьа.
Дог1анца сан дека г1ийла илли,
Дега везар, хьуна лерин.а ( 2 раза )

Припев :
Ца хиларх хьо суна воьг1на,
Къастадарх вай кхолламо.
Кху дуьненчохь хьо хиларна
Теша ирсе, ирсе хир ю со.

II. Бакъа яц сан хьоьга веза ала,
Амма лаьа хьуна хаийта.
Хьо вовзарна дохко со ца яьлла,
Хьан безаман ц1ергахь ягарна.
Мила ю те ахь хаьржинарг хьайна,
Хьан ирс шена кхаьчнарг мила ю.
Хьан дахарехь шена кхоллам лехнарг,
Со д1ахеръеш йижнарг хьан дагчу. ( 2 раза )

Припев :
Ца хиларх хьо суна воьг1на,
Къастадарх вай кхолламо.
Кху дуьненчохь хьо хиларна
Теша ирсе, ирсе хир ю со.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Воскресная школа  Farruh bobur  Sherlock-please  Darsn so far  The Proxy RJD2  Erlan  Dzyunanush Tata  ESTRADARADA - Вите Надо Выйти 
О чем песня
Зарета Джамалханова - Деги безам?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен