Безам, ирсан г1ад (New 2015) [exclusive M95] (исполнитель: Рашана Алиева)

I. Къоначу сайн дагна лерина хаьржина,
Цхьа безам бара сан сайн дагна хаьржина.
Эвлаха со йолуш, ц1а йог1ур ю аьлла
Хьо, безам, буьту ас, битанза ца яьлла.

Припев :
Безам - ирсан г1ад, сан дагца лиэлахьа,
1ожалло со шелъяхь, эшарца биэкахьа.

II. Сох кхетар, нийсарой, шух езнарг, мел везнарг,
Суьйренца сагатлуш, безаме сатеснарг,
Алахьа хьо юй и безамах къаьстинарг,
Къастаро дог шелдеш, г1айг1ано г1елйинарг?

Припев :
Безам - ирсан г1ад, сан дагца лиэлахьа,
1ожалло со шелъяхь, эшарца биэкахьа.

III. Безамах къастаро хеназа къежйина,
И гаре сатуьйсуш, г1айг1ано б1арзйина.
Сагатдеш, ладоьг1уш ойлано г1елйина
Алахьа ахь , безам, вай х1унда къаьстина?!

Припев :
Безам - ирсан г1ад, сан дагца лиэлахьа,
1ожалло со шелъяхь, эшарца биэкахьа.

IV. Аларан пайда бац, сан шераш д1адахча,
Йоьдучу замано къуоналлех яьккхича
Дог шелдеш, б1аьг г1елбеш къаналла т1ееъча
Кхин даха дог доцуш, безамо со тесча.

V. Шо-шаре мел дели сан кхуьуш бу,
Ойлано г1елъярах,безамо лелош ю,
Къоьжалло къанярах, дог къуона долуш ю
Безам а, къийсам а лелалур болуш ю.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Я не знаю как но все же  Trolls  ЛЮБВИ НЕ БЫВАЕТ  Это всё она она она нанана  Это всё она она она нанана Сергей Лазарев  Когда звёзды тают Артём Кочарян  Наверно потаму что 
О чем песня
Рашана Алиева - Безам, ирсан г1ад (New 2015) [exclusive M95]?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен