Индира● (исполнитель: ●Хасан Мусаев)

Д1ауьду денош, д1ауьду зама, 
Вог1у, хьоменаг, хьо йолче со. 

Хьан б1аьра хьоьжуш, 
Хьоьга дагар дуьйцуш, 
Ца лаьа, хьоменаг, 1адика йан! 

Тешор ю, хьомениг, хьо сайн дашах, 
1ехор ю, деган езар, безамах, 
Юьгур ю со вехачу х1усаме, 
Безамца ваха хьоьца ирсе! 

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах, 
1ехор ю, деган езар, безамах, 
Юьгур ю со вехачу х1усаме, 
Индира, ваха хьоьца ирсе! 

1аьржачу буьйсанна, хьийзавеш набаро, 
Хьоьжу со хьан суьрте, к1орда ца деш, 

Дашо малх г1аттале, сан коре хьажале, 
Кийча ву, хьоменаг, хьо йолче ван! 

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах, 
1ехор ю, деган езар, безамах, 
Юьгур ю со вехачу х1усаме, 
Безамца ваха хьоьца ирсе! 

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дешах, 
1ехор ю, деган езар, безамах, 
Юьгур ю со вехачу х1усаме, 
Индира, ваха хьоьца ирсе! 

Йог1ур ю цхьа суьйре, вог1ур ву хин йисте, 
Эра ду хьоьга, хьоменаг, йолахьа соьга, 

Ахьа, охьа а таь1на, суна йела къежна, 
Эра ду, эхь хеташ, ахь йигахьа д1а! 

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах, 
1ехор ю, деган езар, безамах, 
Юьгур ю со вехачу х1усаме, 
Безамца ваха хьоьца ирсе! 

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах, 
1ехор ю, деган езар, безамах 
Юьгур ю со вехачу х1усаме, 
Индира, ваха хьоьца ирсе!!!...
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Smooth Santana  Bebe- cocaine  Почему Zемфира  Калифорния Кинг Бэд Rihanna  Kaskade Samba Love  Kaskade Everything  Kaskade Maybe  Kaskade Let You Go 
О чем песня
●Хасан Мусаев - Индира●?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен