Мел хаза йогу 1уьйренаш (исполнитель: Тамара Адамова)
I. Са дог а карзах долура Ойланаш хьийза йовлура ______________________ ______________________ И вог1уш - воьдуш сайна гахь Ц1е йогуш гича б1аьргаш чохь Мила ву хьан эр ду соьга Х1ун хилла жимчу сан дагна Дагчуьра и к1ант ца волу И ца гич самукъ ца долу ( 2 раза ) II. Цуьнах 1ех елла лела со Кхин бесар дуьне суна го ______________________ ______________________ Мел хаза йог1у 1уьйренаш Мел хаза йог1у суьйренаш Ас йина йоцу ойланаш Сан жимчу коьртехь ю хьийзаш Буьйсанна наб яр а доцуш Со хилла яц синтем боцуш ( 2 раза ) III. Мохь тоьхна бийца дуьненна Лаьа сайн безам а суна Хазийта сайн дог детталуш Ела цу к1антана лууш Даа йист йоцу х1ар дуьне Сайн дуьхьа Дала хаз дина Ас денна воьхуш и Деле И к1ант сайн дуьхьа кхоьллина И вог1уш - воьдуш сайна гахь Ц1е йогуш гича б1аьргаш чохь Мила ву хьан эр ду соьга Х1ун хилла жимчу сан дагна Дагчуьра и к1ант ца волу И ца гич самукъ ца долу Мел хаза йог1у 1уьйренаш Мел хаза йог1у суьйренаш Ас йина йоцу ойланаш Сан жимчу коьртехь ю хьийзаш Буьйсанна наб яр а доцуш Со хилла яц синтем боцуш