Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)

I. Ойланаш вайн цхьана йог1у,
Сатийсамаш, мел тера ду.
Ас набарха веза боху,
Сан ирсана хьан ц1е ю.
Вела велла ахь олу теша,
1алам суна хазделла го.
Хьо воцу кхин суна ца оьшу,
Ас дахар сай хьуна д1ало.

Припев :
Сан безам бу хьо, сан дуьне,
Кхин ойла яц сан хьоьца бе.
Ас дог д1адиллина хьуна,
Ахь элир еза хьайна.
Хьан хьажар дагах чекхдолу,
Ахь сий деш, хаа со лору.
Мел лехнарг даим карийна,
Со безамо ирсе йина.

II. Къона дегнаш вовше кхеташ,
Хуьлу дийца даггара.
Хьоьца хуьлу ела къежаш,
Яха лаьа даимна.
Стигла-латта къаста ца луш,
Корта хьийзаш лела со.
Хаа суна ву хьо езаш,
Хьан б1аьргашчохь суна го.

Припев :
Сан безам бу хьо, сан дуьне,
Кхин ойла яц сан хьоьца бе.
Ас дог д1адиллина хьуна,
Ахь элир еза хьайна.
Хьан хьажар дагах чекхдолу,
Ахь сий деш, хаа со лору.
Мел лехнарг даим карийна,
Со безамо ирсе йина.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Florence and the machine breath of life  Ay ay ay  Голубое в пене море песня Песни на Жатву  Shadow герой года  Lass mich in dein leben  Гаьна  Yo soy asi Violetta 2 Diego canta Yo soy asi  Панами 
О чем песня
Неизвестен - Отсутствует?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен