Реза ю д1алела г1ийла, Хиъчана дуьненчохь вуйла (исполнитель: Тамила Сагаипова)

Седарчий жайна ас доьшу..
Д1атийна,малделла латта.
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу
Волахьа со йолчу хатта.
Буса наб суна ца кхета
Ц1е летта сан кийра богу.
Хьуна со ма хийра хета.
Лекха ду юккъера ога.
2-ой куплет:
Сан ойла хьо волчу г1ерта,
Ахь луьра чехайо иза.
Дерриге некъаш хьан кертахь...
Хунда ву хьо т1аккха къиза?
Хьан б1аьргаш стигланаш сийна.
Мел хьежарх ца до уьш к1орда.
Хьо ларвеш со дукха 1ийна.
Сан безам шорталла х1орда.
3-ий куплет:
Со хьоьга хьоьжур ю хийла.
Къовлур ду жима дог буйна..
Реза ю д1алела г1ийла,
Хиъчана дуьненчохь вуйла.
Седарчий жайна ас доьшу..
Д1атийна малделла латта!
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу,
Волахьа со йолчу хатта...
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Пусть бегут неуклюже Детские  Ла ла ла луна Oksi  Александр Северов Саша Северный  А дельфины добрые  Малагенья салероса  Ноггано SIMAGA - последняя сигарета оставляет дым  На морском песочке я Марусю 
О чем песня
Тамила Сагаипова - Реза ю д1алела г1ийла, Хиъчана дуьненчохь вуйла?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен