Хьо суна мел ч1ог1а оьша (исполнитель: Тамила Сагаипова)

Седарчий жайна ас доьшу..
Д1атийна,малделла латта.
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу
Волахьа со йолчу хатта.
Буса наб суна ца кхета
Ц1е летта сан кийра богу.
Хьуна со ма хийра хета.
Лекха ду юккъера ога.
2-ой куплет:
Сан ойла хьо волчу г1ерта,
Ахь луьра чехайо иза.
Дерриге некъаш хьан кертахь...
Хунда ву хьо т1аккха къиза?
Хьан б1аьргаш стигланаш сийна.
Мел хьежарх ца до уьш к1орда.
Хьо ларвеш со дукха 1ийна.
Сан безам шорталла х1орда.
3-ий куплет:
Со хьоьга хьоьжур ю хийла.
Къовлур ду жима дог буйна..
Реза ю д1алела г1ийла,
Хиъчана дуьненчохь вуйла.
Седарчий жайна ас доьшу..
Д1атийна малделла латта!
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу,
Волахьа со йолчу хатта...
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Texas in July Magnolia  Texas in July 1000 Lies  Texas in July Dying World  Texas in July No Greater Love  Texas in July One RealIty  Texas in July Cry Wolf  Texas in July Shallow Point  Texas in July Bed of Nails 
О чем песня
Тамила Сагаипова - Хьо суна мел ч1ог1а оьша?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен