Са хьоме ваша__www.teptar.com (исполнитель: Валид Гадаев)

Ойла йаьш лаьтта со, барз т1ера жимч чуьрте хьоьжуш,
Маьл ваьзнарг веллаьхь а, йух ваьрзо бац админ ниц1къ.
Цу кашчохь сан жима, сан хьоме ваша ву 1уьллуш,
1ожало хеназа катоьхна д1авигна и.

Припев:

Сан ваша, сан хьоме ваша,
Дагдог1а суна ахь доьххьара хаза ког боккхуш.
Сан ваша, сан жима ваша,
Тхо дитна ваг1а хьо, дуьненчохь кхи хан ца йоккхуш.

Латта сан 1аржвелла, де доьхна Дада ву лаьтташ,
1адато цамагин, цавоьлхуш ч1аг1велла и.
Амма цун дагдеъча, хьо уьдуш чена къур г1аттош,
Цо муха сацор ду б1аьргера бухдуьлу хи.

Припев:

Сан ваша, сан хьоме ваша,
Дагдог1а суна ахь доьххьара хаза ког боккхуш.
Сан ваша, сан жима ваша,
Тхо дитна ваг1а хьо, дуьненчохь кхи хан ца йоккхуш.

Кест-кеста йог1ур йу хьан барз т1е йилхина Нана,
Йар иза даимна сагатдаьш, сатуьйсуш хьоь.
Цу Везчу вай Деле даггара хьун гечдар доьхуш,
Нанас шен хаза куьг хьокхур ду хьан коша т1е.

Припев:

Сан ваша, сан хьоме ваша,
Дагдог1а суна ахь доьххьара хаза ког боккхуш.
Сан ваша, сан жима ваша,
Тхо дитна ваг1а хьо, дуьненчохь кхи хан ца йоккхуш. 
__________________
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
24 Frollo Daniel Lavoie - Tu vas me detruire Notre  Дорога бойца альбом Мы - это LOUNA LOUNA  Белинда и мокко прежде всего  Ты любишь дым Гамора ех Курс  Comedoz-отпуск  День без тебя Свастонов  Mari Ferrari ft Deepside Deejays - We Are Young DJ 
О чем песня
Валид Гадаев - Са хьоме ваша__www.teptar.com?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен