Г1арг1улеш (исполнитель: Шарпуди Исмаилов)

Геначу х1усамехь г1евтина,
Маьршачу х1аваэхь яьржина,
Г1арг1улеш вай махка йог1ура,
Йовхоне сатесна уьш стиглахь ловзура,
Г1арг1улеш вай махка йог1ура.
 
Йоккхах ериг ша хьалха а яьлла,
Кхоначера дог оьцуш йог1ура,
Дуьйцура лайначу халонех, хьаьгначу баланех,
Оьздачу доттаг1ех, йоккхах йериг ша хьалха йог1ура.
 
Ц1еххьана уьрхара топ яьлла,
Къона ериг чов хилла хьоьвзира,
Юьйжира т1улга т1ехь ша дакъа,
Ц1ий 1анош дохийна, зулмано човхийна,
Къона ериг чов хилла хьоьвзира.
 
Г1елйелла х1аваэх б1аьрг бетташ,
1уьллура 1ожалло хьаьшнаерг,
Генарчу х1аваэхь гучу доттаг1ех б1аьрг бетташ,
Дег1 айа де доцуш, Къона ериг чов хилла 1уьллура.
 
Доьху аса, адамаш ларвайша,
Вай дезаш вай лакхе вог1уш вериг,
Йитийша вай нег1а стиглашкахь
Машаре г1арг1улеш, уьш парг1ат йахкийта…
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Школа мой дом родной  Elir gevorg elir  Она ценней всего  Это то чем ты дышишь Хоккей  Shot - суицид  Kate Clapp - Apple  Kreed - я не забуду  Я так люблю эти будни 
О чем песня
Шарпуди Исмаилов - Г1арг1улеш?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен