Мила ву те дагна езнарг (исполнитель: Рамзан)

Бетта серло, тийна буьйса, сай цхьаллица г1ийла къуьйсуш,
Геннахь лепаш хьоьжу соьга, вай безаман сирла седа,
И бетта нур хьох тардина, сай деган аз ас айдина,
Со кхи муха кхайкха еза, суна веза хьо.

Даггара сай бовха безам, аса хьоьга кхийдош хилча,
Кхи х1у оьшу дагна везнарг, оццул суна везаш хилча,
Вай кхолламан ирсе йоза, яьздина хир дуй те цхьанхьа,
Дийнахь-буса, массо а хенахь хьоьга кхойкху со.

Мила ю те, дагна везнарг, хьан даго шен къастинарг,
Цо маццала некъ бина те, 1амалах хьан кхета везар,
Дийцар муха хилла теша, ю те бехке т1ехь везарна,
Хьо везаш сай дагна хилла бала балхабо.

Де схьакхечи хуьйцуш буьйса, кхачош г1ийла сан сатийсар,
Суна ша санна со езаш, сан даго бе мукъам хезаш,
Дохко ваьлла, мега кхача сан безаман веза хьаша,
Беснеш т1ера б1аьрхи тача довр ду веача хьо.

Дуьне лехац ас хьо воцуш, безамо сан доза доцуш,
Сан дог хьоьстуш, сан дог оьцуш, доьху хилахь даима соьца,
Ма вийлахьа везнарг къайла, даима хьоьца ю сан ойла,
Сан хир вацахь цкъа а ма гойла сан б1аьргашна хьо.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Euphoria WaWa Remix Loreen  Бешик ыры Абдылас Малдыбаев  Durch die Stille Original Mix Julian  Эй сука покожи свой зад  Reebok Back Meek Mill feat Rick Ross  Track 5 2012 mix DJ GraF aka Slava  Seirei Hirai Kirigakure Saizou CV Ono Daisuke  Son Zeng 
О чем песня
Рамзан - Мила ву те дагна езнарг?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен