Нохчийчоь (А. Бисултанов) (исполнитель: Зулай Багалова)

Нохчийчоь

Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха
Кхеташ ма-хиллара гIайгIане, цхьалха,
Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха
Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

МостагIа вогIур ву — дуьссур ду дерташ,
Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш,
Хьаша-да вогIур ву — юьссур ю марзо,
И марзо елхайо хьан ломахь барзо,
ГIелашна гIергIачу курачу сайно,
ЦIе йоцчу кошан тIехь даьллачу стайно.
И марзо елхош ду сан хIора дош а,
Хьан дато некъаш а, момсарийн бос а…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

Со кхуззахь вина ву, тийналлийн къоргехь,
Хьан сина тийжачу кхокханан къорни,
Пен боцчу хIусамехь, тхов боцчу кхерчахь,
Да воцуш кхиъна со, хьан цIарах хьерчаш.
Хьан бIаьвнийн херцаршлахь бецан хал санна,
Хьан серло тергалъян ма дезна сан а,
Хьан стиглахь аьрзунийн мохь санна шийла,
Со а дIавовр ву цкъа, тийналлех ийна…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

Тхо девлла дIагIур ду, дуьссур ду дешнаш,
Дуьссур ду хьан хаза, хьан оьзда кешнаш,
Буц йолу, буц юьжу ойлане баьрзнаш,
Воьдучун, вогIучун доIанийн аьзнаш.
Хьан херцарш юьссур ю, да воцуш велха,
Дуьссур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш,
Юьссур ю назманаш, зуькарийн шовкъаш,
Юьссур ю тхан дагалецамийн овкъарш…

Хьо йиса, Нохчийчоь, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
My Baby Janis Joplin  Веданъ Колодъ Веснянка  Грай Пшеничная  Грай Средь лесов  Грай Берёза  Я напишу тебе письмо 
О чем песня
Зулай Багалова - Нохчийчоь (А. Бисултанов)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен