Шовда (M95) (исполнитель: Майрбек Хайдаров)
Тхан де дайша, церан дайша безам буьйцуш хьаьжна хьо, Нохчийн г1иллакх, 1адат хийла дисна хьоьца гергарло, Хийла суьйре, хийла гуьйре к1анта йо1 хаьржина, Церан ирсах теш а хилла аренца хьо даьржина. Са ц1а дерзош, т1улгаш керчош ше хин мукъам болабо, Х1етахь хилла гергарлонах теш хиллачу шовдано. Дуьйцуш мерза, йо1 йеш реза дахар долалуш дина хьо, Я дог даьхна, к1ант гучу ваьккхина деха г1ерташ цуьнца г1о, Б1е шерашкахь хьоьха тешна хьан кхолламе хьаьжна тхо, Хьалха санна х1ора ханна тхан ирсана латта хьо.