Висахьа (M95) (исполнитель: Асет Абубакарова)

Висахьа са ойланехь, волахьа ц1а мукъна г1енах
Тохахьа меллаша не1, наб йохош хан йоцчу хенахь
Генахьа ма сеца хьо, дийцахьа хьо муха веха
Са дахар, д1аеха со ца яхчи йоли со пекъар

Припев:
Вист а ма ца хуьлу хьо я х1умма дац соьга ала 
Ца лаахь ца оьшу, сох кхи хир бац хьа дагна бала
Д1авоьдуш ма къовла не1 дитахьа хьайга сатийса 
Висахьа са ойланехь хьо ч1ог1а оьшуш хилча 

Хьо мелла г1айг1ане го, ахь стенна йо техьа ойла
Са ирсах ма хьегахь хьо, хьа ирсах со хьегайойла
1индаг1ехь хьа 1индаг1 го, кхи суна х1умма ца дисна
Тха корехь хеназалло, сай цхьаллехь со цхьалха йисна

Припев:
Вист а ма ца хуьлу хьо я х1умма дац соьга ала
Ца лаахь ца оьшу, сох кхи хир бац хьа дагна бала
Д1авоьдуш ма къовла не1 дитахьа хьайга сатийса 
Висахьа са ойланехь хьо ч1ог1а оьшуш хилча
Висахьа са ойланехь хьо ч1ог1а оьшуш хилча

Вист а ма ца хуьлу хьо я х1умма дац соьга ала
Ца лаахь ца оьшу, сох кхи хир бац хьа дагна бала
Д1авоьдуш ма къовла не1 дитахьа хьайга сатийса 
Висахьа са ойланехь хьо ч1ог1а оьшуш хилча
Висахьа са ойланехь хьо ч1ог1а оьшуш хилча
Висахьа са ойланехь хьо ч1ог1а оьшуш хилча
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Ямайка Mike Energy Remix Extended Comedoz  Обнимали руки недельская  Me And U madbrain remix Cassie  Phonique to feel  Все сначала Воскресение Машина Времени  Солнце встает Бременские музыканты  Keep it coming Hardstyle D-Block 
О чем песня
Асет Абубакарова - Висахьа (M95)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен