Сатийсар (M95) (исполнитель: Хеда Газиева)
Сатийсар совдаьлла, садаIар дайна Лела со хьан сибат сайн дагчу къуьйлуш.. Седанах тарвина везарна сайна, Ца карош къастаран халонаш муьйлу.. Ахь соьга йолахьа аларе хьоьжуш, ДЕЛЕ а доIанца веккъа хьо воьхуш.. Еха со аренца хьоьга сатуьйсуш, Хьекъало, безамо вовшашца къуьйсуш.. Хьан бIаьргийн йовхоно дагчу суй бетташ, Бацалахь зезагаш лехьадеш хьуна.. Лелаш ю хьо лоьхуш кийра цIе летта, Амма хьо генахь ву мелла а суна.. Сатуьйсуш сахьийзаш, садаIар дайна, Лелаш ю хьан сибат дагчу сайн къуьйлуш.. Седанах тарвинарг Iаьршашкахь вайна, Лехарх а ца карош къаьхьалла муьйлуш..