Бахна безам (M95) (исполнитель: Хьава Висханова)

Дог къуьйлу безамо йиначу чоьвно,
Йагайо цIаьххьана леттачу цIаро,
Хьоьца бен яц-кха сан кхул тIаьхьа марзо
Кхин безам ца леха ас йина чIагIо..

Сел чIогIа безам бу, ас дагца къуьйлург,
Хьо ца гуш де даьлча карзаха буьвлуш,
Хьо лелачу новкъа сих-сиха йуьлуш,
Реза ю со яха, хьоьга сатуьйсуш..

Хьоьх лаьцна ойланаш сан коьрте хьийза,
Лаьар-кха сай безам хьоьга дIабийца..
ЧIогIа бу сан безам, вицлур вац суна,
Хьомениг, безаман хам хиани хьуна..

Сан дог ду сацаза хьо волчу гIерташ,
Хьо лоьхуш, хьоь кхойкхуш, хьоьга мохь бетташ,
Кху некъан йохалла хьоьга со хьоьжу,
Хьан хаза юьхьсибат ца гарна кхоьру..
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Кто я джеки чан  Aldnoah Zero Keep on keeping  Marik j просто  Бар дьоммор байбал сэмэнэп  Запретный плод Вахид Аюбов  Ты называешь меня солнцем называй  Zack Ryder-Radio 
О чем песня
Хьава Висханова - Бахна безам (M95)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен