Г1ийла ойла (исполнитель: Разита Дадаева)

Ара яьлла хьо га тахана сатесна,
Суна го д1а хеза тамехь дека аз,
Болу безам хьоьга бахна везар сан,
Са дац тоха, х1у де ас сай безамна.
Болу безам хьоьга бахна везар сан,
Са дац тоха, х1у де ас сай безамна. 

Г1ийла ойлакоьрте хьийза,
Сийна ц1арахь догу дог,
Дукха ду сан хьоьга дийца,
Кийра буьзна 1аь1на чохь.
 
Хьалха санна хьайха тешош дийцахьа,
Хьай б1аьрге к1оргене хьежа йига д1а,
Безам бацахь мел лелачохь соьга хьан,
Реза ю со бехьа соьх шийла ша.
Безам бацахь мел лелачохь соьга хьан,
Реза ю со бехьа соьх шийла ша.

Г1ийла ойлакоьрте хьийза,
Сийна ц1арахь догу дог,
Дукха ду сан хьоьга дийца,
Кийра буьзна 1аь1на чохь.
 
Вог1уш воьдуш хьоьга къейлах хьоьжур ю,
Хьо вехачу хазчу юьрта йог1ур ю,
Сан дагах хьо жимма кхеташ хилахьа,
Шен йовхо хьо цхьанна лур ю боху цо.
Сан дагах хьо жимма кхеташ хилахьа,
Шен йовхо хьо цхьанна лур ю боху цо.
 
Г1ийла ойлакоьрте хьийза,
Сийна ц1арахь догу дог,
Дукха ду сан хьоьга дийца,
Кийра буьзна 1аь1на чохь.

Ара яьлла хьо га тахана сатесна,
Суна го д1а хеза тамехь дека аз,
Доккха-жима дог ас хьуна деана схьа,
Цо белхочу безаме ахь ладог1а.
Доккха-жима дог ас хьуна деана схьа,
Цо белхочу безаме ахь ладог1а.

Г1ийла ойлакоьрте хьийза,
Сийна ц1арахь догу дог,
Дукха ду сан хьоьга дийца,
Кийра буьзна 1аь1на чохь.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Thamam Ashkhar  Loc-Dog Еще Живем  Танир сновидение  Взрослые мечты  Баклажан лада сидан  I want you in my bedroom DJ Flash  Так все а студио  ПИЦЦА Романс 
О чем песня
Разита Дадаева - Г1ийла ойла?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен