Юха а денлур ву (А. Ахматукаев) (исполнитель: Хадижа Исраилова)

Кисанахь ловзучу шайнаша
Кхетамна ваьккхича гена хьуо,
Iехалуш самахчу гIенашна,
Хьовзор бу ахь керла хенагуо.
«Нийсачу» нахерчу бустамехь
Духар а далийна лартIе, ахь
Хьайн берийн хенара нускалан
Цхьа тайпа доккхур ду цIартIе а.

Кхаъ белла, балха дIахIоьттина,
Болар а, къамел а тодина,
Лелар ву, кепа чу воьттина,
Хьаналчу дегнашна муо бина.

Дозанал ара а баьккхина,
ЦIеношна пеннал бух буттур бу,
Хьийзош хьайн куьйга кIел баьхкинарш,
Хьаькамна муьтIахь чухIуттур ву.

Цунна тIе ламазаш дерзадеш, –
Цул деза ца гойтуш хIумма а, –
Цу Iамалх дахаран терза деш,
Дуьтур ду дуьненан суннаташ.

Цу «декъалхиларо» хьаьсттинчохь
Дахаро хьо юьстахкхоьссича,
Юха а денлур ву – хIумма а
Йоцучу хIуманийн умматехь.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Natalie Cole Sophisticated Lady  Xzibit Break Yourself  Xzibit Heart of Man  Ветер уносит  Xzibit Right On  Xzibit Enemies 
О чем песня
Хадижа Исраилова - Юха а денлур ву (А. Ахматукаев)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен