Хьо муха хуьлу-те, ирс? (Л. Арсалиева) (исполнитель: Санет Абдулмуслимова)
Хьо муха хуьлу-те, ирс? Я мичхьа хьо лаха деза? Стигланан гуш йоцу йист, Ша зама санна, ю еха.. Бос муха хуьлу хьан ирс, Къегаш я кIора санна Iаьржа? Ахь лоькху исбаьхьа йиш Мичхьаша и дIасаяьржа? Хьо муха дойзур ду, ирс, Хьо цкъа а гина а доцчохь? Юй хьуна тIекхача йиш, Я ду тIекхача йиш йоцчохь? Хьо хьанна кхочу-те, ирс? Ирсе веш, ахь мила хьосту? Декъазниг декъала веш, Лахара ахь лакха воккху.. Хьо хьаьнца тайна-те, ирс? Долчунан рицкъ ахь дIадоккху. Декъалниг декъаза веш, Лакхара лаха а воккху.. Хьох теша мегий-те, ирс, Цкъа мацца хьо гур ду аьлла? Я лаха беза-те ницкъ, Хьо каро, тIома а яьлла?