Дахар (исполнитель: Ильяс Аюбов)

Ас цкъа ца лехнера дуьненан атталла,
Ца вала хьаьжар со хьаьшначу некъахь,
Сайгара ца хууш даьллачу г1алатна,
Барт хаттам оьцу ас ца вуьлуш декъах.
Наггахь а куралло ойланаш яйтарах,
Б1аьргашна гушдериг шовкъалле дерзош,
Цуьнц долу гергарло сайна ца дезарна,
1илмане воьрзур со, цуьн маь1на хестош.

Припев 2 раза.
Дахара къайлоннна т1аьхьа ца кхиарах,
Г1айг1ане ца воьжна,бохабеш лам
Дала хьаделлачун тоам бан г1иртина,
1ехвалар дуьненан ца бузу 1ам.

Куплет 2.
Дикачу доттаг1чу диначу тоьшална,
Са дала кийча вар, цуьн дош ца дохош,
Ямартло туьйсучу харцонна уьйрашна,
Доьхьала вуйлура, цера стом хедош.
Халонах озавелла юха ца вирзина,
Т1аьхьалон дош ала ца дуьтуш бахна,
Де, нена сий а дар коьрталле лерина
Цу шине пурбанца сайн некъаш даьхьна.
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Восмиклассница Кино  Я тобой живу мой мальчик  Voluntas  Мы десант мы морская пехота черные береты  Слава тебе безысходная боль  (финес и ферб)ванесса-это я  To get the rock 
О чем песня
Ильяс Аюбов - Дахар?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен