Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)
Ва Зази дай дах1 я да дай, ва Зази дай дах1 я да дай! Сарралц сийначу бацалахь мангал биттина, Цхьа ч1ог1а к1адвелла ц1а кхечин-кха со. Г1елделлачу дег1ана котам жижиг дарба ду алар-кха. Вай юьйцинчу к1арийчуьра н1аьнина улло хууш йолу, Доцу ц1ога долу котам схьалаце, Дуьненчохь айса йоккхучу ханна ц1къа а Са долчу х1уманна са даьккхина вацар-кха со, Лулахошка цунна урс хьакхийте, и тилаей, Жижиг-галнаш тардехьа вайна: Хьоьца забарш ян дог дог1ур дацар-те, Ва Зази дай дах1 я да дай. Боккху ког байбина, Мусин Зазу г1аьттира. Юьйцинчу к1ари чу яхана, н1аьнина улло хууш йолу, Доцу ц1ога долу котам т1е эссала куьг кховдийна, Котаме ваак алийтина, н1аьнина хала ца хоьтуьйтуш, Цунна урс хьокхуш гайтина, Шен майрча Мусин дог ца эшош, Куьйрано кхокха санна, ша каде тилийна, Яй чу оьллина, яй к1ежъяха боьлча. Веана чу велира, дийнахь сарралц вижна 1уьллуш, Цхьанхьа болх ца беш, Волавелла лелаш волу Ц1оьмуркъа. Ассалам 1алайкум, суьйре дика хуьлда шун, аьлла. Хье т1е г1аж тоьхча санна, хье т1е шад х1оттийна, Муси ма хьоьвзира-тов. Шийтта шарахь дийнахь хьаькхна боцу нуй, Маьрк1ажал т1аьхьа хьекха Зазу ма юьйлира-тов. Ц1оьмуркъа ваххане д1а ца воьдий хиъча, Т1аккха вистхилира, бах, Муси: Хезий хьуна, вай бохург хила ца доллу кхуьнах, Ц1къа чу йолахьа, дай дах1 я да дай. Х1инца х1у бах-те ахь стаг, аьлла, Зазу схьах1оьттира. Шийтта шо хьалха, цхьана хьостамах хьалаоьллина, Цхьа акха дечиг олуш, дечиг-пондар бар-кха сан, Г1ой схьалохьа соьга и, х1окха вай лулахочунна Цхьа байт эра яр-кха ша. Д1авалахьа Деладоьхьа, х1инца, шийтта шарахь ца аьлла байт, тховса мичара ала воллу хьо, Аьлла, т1ера дегиза чан йегийна, схьа белира пондар. Хьалхара пха озийна, мукъаме балийна, Шозлаг1а пха озийна, эшаре берзийна, Кхозлаг1а пха озийна, озийна-а, т1ах, аьлла, хадийна, Байт ала ма вуьлира Муси, ва Зази дай дах1 я да дай! Ва Зази дай дах1 я да дай, ва Зази дай дах1 я да дай! Валанза ца ваьлла, сан хьайчул хьалха валар нислахь, Яханза ца яьлла, хьай маре яхар нислахь. Х1окху вай лулара Ц1оьмуркъа санна, Дийнахь сарралц вижна 1уьллуш, Цхьанхьа болх ца беш, неха чу х1уьттуш, Неха шун талхош йолчу куйна бакъоне Хьо еха Жумийн Акхтулла, Мадийн Жаьммирза, Эвтурхойн Ахьмад, х1окху дуьнент1ехь мел волу Воккху стаг варах, маре ца йоьдуш, 1ахар яхалахь, ва Зази дай дах1 я да дай!