Захало (исполнитель: Мадина Хамидова и Петимат Еснакаева)
Зезагал хаза кхиъна хьо яьлла, Хьо езаш, оьшуш цхьа къонал ваьлла Захало дийца боху цо хьоьца Хьо хир ю боху ирс долуш шеца И ирча хилчи со тайна хилчи Кхетачу малхах со хаза хилчи Сан дог ца дог1у цуьнга ладег1а Цун хазчу хабарех со-м ца ло 1еха. Припев: Ахь т1ехьлонна ойла е Хьо еза йо1 ахь къастае. Со маре яха сих ма е Сан жима хилар диц ма де. II. Шен кхобуш шортта даьхний ду боху Юртана тоъал ялт а ду боху. Ша кура-коча лелор ю боху Дешеха ша хьо кхолур ю боху. Божалла, даьхний елла со яла, Х1ун г1уда ду те тоьхна сун Дала Къахьега йоьлча кеглур ю м1араш Ас дера деза сайн куц да 1алаш. Припев: Ла дог1а соьга сих ма ло Д1атетта к1ента захало. Хьалхе ду х1инца жима ю Со дешна яла езаш ю. III. Цо мел сатуьйсу хьо шега яре Ахь иза лаьцна боккхачу бале. Со езачуьнга г1ур ю со алий, Д1аг1охьа цуьнга сихонца маре. Уьш мел ву, мас ву дийцина вер вац Со ц1ера ц1ераш кхаьбна а ер яц. Уьш берриш даим лоьруш 1ан еза Сан цкъаъа цуьнца чуерзар хир дац. Припев: Ладог1а соьга, коча йо1, Ца оьшу ойла х1унда йо. Ахь говза хаза дийцина Сан ойла ахьа хийцина IV. Сан б1аьра хьоьжуш синош цо доху, Д1ахеца хаьржин яц ас и бохуш, Хьо цуьнга яхча ю хьуна г1оли Ас бохург дехьа берта а йолий. Цу махал маса, цу махал чехка И санна къонах ца хилла мехкан Эхь доцчу к1ант ас сатуьйсу варе Мел парг1ат яр со хьо сайна гаре. Припев: Ц1арна ц1е яхна юьртахо Дог лозуш вожо йоллу хьо. Эхь доцу к1ант, х1ай юртахо Везарна цуьнга йог1у со.