Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)
Имран Усманов - Бертахь дахий вай Цхьа барт болуш г1овше сий деш дахий вай Кхул т1аьха кхи гергал нах хир бац вай Вай зама д1айаьлча кхи нах бохур бу Вай бертахь дехнаьхь - уьш вайл мерза 1ийр бу Доккха ду вай латта - вайна тоьар ду Беллаш,лембеш цу кийра вай хоьар ду Вай лаьтта сий делаш вай кхобуш долчу Стиглара хам бе вай сел йаьхна йолчу Цхьа х1умма кху лаьттахь цхьамо ма къисса Вайна диснарг дезар ма ду вайхь диса Хьал долчу къестаг шех,къесто ма г1ерта 1аьржа де цхьатерра кхочу вай керта г1иллакхал,собарал х1умма дац дезза- и шеца лелош верг массарна веза. шейна эшахь со ца кхоош ваца ве зулам дахь ас къа ца хеташ халак ве шу дегнаш ц1ан деш ас сай иллеш баьхна шу бертахь 1е лууш шу доьхьа ваьхна дуьненчу валларх со дохку ца ваьлла халкъана вацорх со - йа к1ад ца велла