Дашо малх (исполнитель: Иман Маашева)
Стиглара дашо малх байна, сан дагна-м шело ца тайна, Хьаннашкахь олхазарш тийна, со-м х1инца ойланца йисна, Мажделла г1аш аса луьсту, б1аьстене б1аьргаш сатуьйсу, Суьйренца ойлане юьйлу, хьо ларвеш денош д1а оьху. Дог-ойла йойуш хьо вижна, вицвелла хьо кхечахь висна, Ца еакх сан ойла цкъа а, вай къастар лайна ахьа атта. Везарна аса безам боьху, ахьа безам кхечуьнца лоьху, Г1аш хьийзаш когаш к1ел эга, маьлла а хьо сох ца кхета.