"Висахьа" (сл. Л. Арсалиева, муз. Р. Даудов) (исполнитель: Асет Абубакарова)
Висахьа сан ойланехь, Волахьа цкъа мукъна г1енах, Тохахьа меллаша не1, Наб йохош хан йоцчу хенахь. Генахьа ма сеца хьо, Дийцахьа, хьо муха веха? Сан дахар..?Д1аеха-кх со, Ца яьхча йолий со, пекъар. Хьо мелла а г1айг1ане го, Ахь стенна йо техьа ойла? Сан ирсах ма хьега хьо, Хьан ирсах со хьегайойла. 1индаг1ехь хьан 1индаг1 го, Кхин суна х1ума-м ца дисна… Ткъа корехь – хеназа ло… Сайн цхьаллехь со цхьалха йисна. Вист а ма ца хуьлу хьо, Я х1умма дац соьга ала? Ца лаахь, ца оьшу…Сох Кхин хир бац хьан дагна бала. Д1авоьдуш, ма къовлахьа не1, Дитахьа са хьайга тийса. Висахьа сан ойланехь, Сел ч1ог1а хьо оьшуш хилча…