Безаман ц1е (исполнитель: Адамова Тамара)
К1антана йо1 йезало Цуна амалш хаза лой Хаз лой цуьна оьзда г1иллакхаш Даг чохь ехаш хаза йо1 К1анта ч1ог1а ойла йо Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа Даг чохь ехаш хаза йо1 К1анта ч1ог1а ойла йо Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа Дош лур дуй те безамна Реза хир йуй везарна Дог сай 1абоьш безамца Ваха ляа суна йезарца Дош лур дуй те безамна Реза хир йуй везарна Дог сай 1абоьш безамца Ваха ляа суна йезарца Хаза дог1у маьлха де К1ант, 1ой дог1у шовдане Ойлане йо1 хьожу везаре Бохуш маца хир ду те Тхой шиъ цхьана кхета де Ас са туьйсу ц1уьна безаме Бохуш маца хир ду те Тхой шиъ цхьана кхета де Ас са туьйсу ц1уьна безаме Малх чубузуш суьйрянца Йо1 д1айаг1а везарца Безамо дог хьаьстина Даха лур дац вовшях къаьстина Малх чубузуш суьйрянца Йо1 д1айаг1а везарца Безамо дог хьаьстина Даха лур дац вовшях къаьстина Хаза нускал далина Йо1 диканиг йалина Ирсах вуьзна кхечи мялха де Беза хьейши кхейкхина Син къерами гоь бина Илляш дека, дека са мукъне Беза хьейши кхейкхина Син къерами гоь бина Илляш дека, дека са мукъне Новкъа йог1у машенаш Бераша доху кхаънаш Керта далош нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Новкъа йог1у машенаш Бераша доху кхаънаш Керта далош нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Ас д1а олу сай иллеш Деза йо1, к1ант декъал дяш декъал деш уьш цхьана кхятта де Вовши ирсах бакхи беш Х1усмяхь йовхо латта йяш Д1а ма йойла шу безама ц1е Вовши ирсах бакхи беш Х1усмяхь йовхо латта йяш Д1а ма йойла шу безама ц1е Дека дека са илляш Къона безам декъал бяш Лятташ хаза нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Дека дека са илляш Къона безам декъал бяш Лятташ хаза нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю