Чурт санна лаьтта со (исполнитель: Турпал Джабраилов)
Чурт санна лаьтта со Г1ум-Азин арахь, Тянь-Шанан ламанех б1аьрг кхетча г1ийла Генарчу Даймехкан сурт х1оттало, Малхбузе мел хьийжи, дог 1ийжадо. Малх буза бегийна рег1а лахбеча, Суьйре а даш санна суна язъелча, Ойланийн дарц даьлла со айавелча, Даймахка вуссу со, я Везан Дела! Берахь со хьийзинчу даккъашка вуссий, Лаьмнашка, арешка сирла б1аьрг кхуссий, Х1иттинчу б1аьргашка сирла хиш дуссий, Даймахке хьожу со, я Везан Дела! Тезетахь техкаш го вайн бошмаш, хьаннаш, Г1айг1анах юьзна ю тог1енаш, хьаннаш, Дайн кешнаш хиллачохь уппханийн аннаш Хьулдан да воцуш го, я Везан Дела! Вай дина ярташ го тишъелла, г1ийла, Го шийла шовданаш дай боцуш мийла, Вайн хьомсар ков-керташ каш санна шийла, Сов ирча карадо, я Везан Дела! Т1аккха со, дог духий, аьрцнашка волу, 1ийжачу кийрара мохь-ц1ог1а долу, Есачу тог1еша соьца мохь олу, 1адавой воьрзу со, я Везан Дела! Чурт санна лаьтта со Г1ум-Азин арахь, Тянь-Шанан ламанех б1аьрг кхетча г1ийла Генарчу Даймехкан сурт х1оттало, Малхбузе мел хьийжи дог 1ийжадо!