Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)

Дагахь чаккхбаьллачу цамзано 1овжина 
Гуш йоцу чов йина, логе шад х1оьттина 
Ахь динчух цец яьлла, б1аьрг нег1ар ца кхеташ 
1аддийна лаьтта со , ма вайха цец яьллааа!

Ткъе иттан шаран чохь , дош-деше ца долуш 
"хьо елий, со велий",- ахь соьга бохуш 
Вай яьхьна хаза хан, ахь муха йиц йи те 
Вай хала кхиъинчу доьзалах х1ун ди те.

Со хьайга ца яг1ахь дуьйне дац бохуш 
Кхечуьнга со йодахь, кош барз буьйцуш 
Хьара дуьйне духуш,ас хьо юьттар яц бохуш 
Ма атта йитти ахь, сел дуккха везнаааарг

Вайшиммо лайнариг , вай г1ан ду моьттуш 
Хьал-бахам то делла, са даккха г1ерташ 
Альх1амдулиЛЛахь ,- со аьлла ялале 
Далийна д1ахьотти,вай жима нускал шен

Хьо стенна яьлла, карзаха бохуш
Хьоьга-хьа г1о дохуш ,хьан наха чехош
Соьха дог лозун берш , дуьненчохь боцуш
Хьой соьга декъалве,- ахь муха элий те?

Хьо декъал войла,нагахь хир велахь
Со саннарг яьлхинарг, декъалла хиллехь
Хьо дика вехийла, со дика яхахь
Сан хилла дог дика , хуьлийла шуьшинна

Са тоха хьомениг , ахь соьга бохуш
цхьа хала заманаш, текххира вайша
Хьо воцуш де даьлчи, сой лир ю моьттуш
д1аяьхна сан хенаш, шо кхи ницкъ бацар теш

Со хьайга ца яг1ахь дуьйне дац бохуш
Кхечуьнга со йодахь, кош барз буьйцуш
Хьара дуьйне духуш,ас хьо юьттар яц бохуш
Ма атта йитти ахь, сел дуккха везнаааарг
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
На десерт  Удачи тебе!  Тату - нас не догонят  Bananafishbones The Cure  Тарзан два мира  Минусовка-  The First Girl on the Moon Roxette 
О чем песня
Неизвестен - Отсутствует?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен