Шийла доьлху (исполнитель: Неизвестен)
Шийла доьлху догIа тховса, Хьийза во со безамо. Хьол хьоме сан дац-кх хIума, Сан йиш яц дог дохо хьан. Йовр йоцу цIе ахь лати сох, Сагатда виси-те даима со? Уггар хьоме хьан дуй хаьа ПIетIамат цIе йолу ирсе зезаг. Йогу беснеш, алу санна, Дицлур дац хьан гIиллакх цкъа. Де хир ду цкъа вайша хасто. Со хир вац цкъа а хийра хьуна. Кхетар юй-те хьо сан иллех, Мел чIогIа лору ас хьо? Эрна ду-те хьоь сатийса, Йа воккха хилла-те со? Йовр йоцу цIе ахь лати сох, Сагатда виси-те, даима со? Уггар хьоме хьан дуй хьаьа ПетIамат цIе йолу ирсе зезаг. (на стихи Ахмеда Эльдарханова)