Б1аьстенан зезагаш (исполнитель: И. Джамалдинов)
Б1аьстенца, зезагаш кхуьучу хенахь, Баьццара куза баржош т1е яьлча буц, И сирла са хиллалц го суна г1енах, Йийсаре со лаьцна хьан дег1ан куц. Безамца догу дог ца доьрзуш ц1ехьа, Ларйеш хьо урамехь со вехха 1а, Массанхьа ас лехнарг сан ойла ехьа, Хьох доьзна дерриг а дахар ду сан. Хьога д1а хьаьжначохь ло санна веши, Вуьсу со ц1еххьана декхалой са, Хьо дага йоьг1начу сох тахна теший, Некъ сирла битахьа суна хьо ган.