ДАЛА МА ЛАЙЛА ВАЙ, КIЕНТИЙ (исполнитель: по стихам Юсупа Яралиева)
ДАЛА МА ЛАЙЛА ВАЙ, КIЕНТИЙ Дала ма лайла вай, кIентий, Цкъа доггах цхьа хаза ХIара дуьне дааза, Дала ма лайла вай, кIентий. Дуьненан Iаламах Цхьа илли алаза, Дала ма лайла вай, кIентий. Дицлур ду вовшашна, Къаьстича вовшах вай. Дала ма лайла вай, кIентий. Безамо хьаьсттинчохь, Я махках къаьсттинчохь, Дала ма лайла вай, кIентий. Вовшашка хьовсаза, ГIиллакхца довзаза, Дала ма лайла вай, кIентий. Ца кхуьуш совгIат дан Халкъана хьомсарчу, Дала ма лайла вай, кIентий. Дайх ала дош доцуш, Даймахкахь каш доцуш, Дала ма лайла вай, кIентий. Дала ма лайла вай, кIентий!