В плену любви (M95) (исполнитель: Элина Дагаева)

I. Цкъа бен ца гира хьо, цкъа бен ца гира
Ткъес кхетта хийтира сайн когашк1ел
Хазачу сибато дуьне сацийра
Безамо ц1еххьана йира шен кхел
Со-м йиси сецначохь хьо къайлаваллалц
Хилли-те кхетамчохь лаьлларг хууш
Хьо мичахь вара-те кху хене валлалц
Со мичахь яра хьо хьалха ца гуш ( 2 раза )

II. Цкъа бен ца гинашехь хьоьвзира ойла
Дагах чекхелира мерза з1аьнар
Безамо лецира сан синан г1ойла
Б1аьргашчохь лаьттара вай вовше гар
Шолг1а малх санна суна хьо кхийти
Къаги сан дахар ахь, къагий дуьне
Цкъа а сайн дахарехь ишта хиллий те
Тахана санна со самукъане ( 2 раза )

III. Селхана дара-кха г1ийла сан болар
Г1айг1ане яра со х1умма ца гуш
Тахана безамо д1атетти болар
Хьомениг, вуй-те хьо хилларг хууш
Со-м йиси сецначохь хьо къайлаваллалц
Хилли-те кхетамчохь лаьлларг хууш
Хьо мичахь вара-те кху хене валлалц
Со мичахь яра хьо хьалха ца гуш ( 2 раза )
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Waiting For Us Feat Nina K Tomas Barfod  Нью Эйдж  16 проблем Domino ft DragN  Звук фанфары  Talib tale neler neler  Marti  Perfect Exceeder Mason vs Princess Superstar  Kanojo wa uso wo aishisugiteru OST Mush 
О чем песня
Элина Дагаева - В плену любви (M95)?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен