Седа чу буьжи (New 2014) [M95] (исполнитель: Шовда Дамаева)
Стиглара нур лепаш хьан седа чубуьйжи Шецана Мансуран дахар цо д1адаьхьи Стигланан 1аьршашкахь буьйсанан т1къес туьйхи Суьйранна буьзна малх кхи цунна ца кхийти Припев: Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина Лоьвзина урамаш д1атесна дитина Массо а гергарнаш 1адийначохь битина Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза ) II. Хьо волчу ден, ненан ма хьоме вара хьо Оьздачу г1иллакхна 1амийна вара хьо Юххерачу накъостна тешаме вара хьо Х1ара дуьне дитина ма хьалхе ваха хьо цунна ца кхийти Припев: Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина Лоьвзина урамаш д1атесна дитина Массо а гергарнаш 1адийначохь битина Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза ) III. Хьа лоьма чаккхе еш, дахар хьан хеди Цу латтан кийрахь хьо къайла а вели Хьо вина хьан нана б1аьрхишца йисси Хьо волчу хьан ден а б1аьрги нур деги Припев: Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина Лоьвзина урамаш д1атесна дитина Массо а гергарнаш 1адийначохь битина Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза ) IV. Езнаерг тийжаме йоьлхучохь йитина Керлачу дахарна кечвалар дитина Езнаерг тийжаме йоьлхучохь йитина Ма хьалхе ваха хьо х1ара дуьне дитина Припев: Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина Лоьвзина урамаш д1атесна дитина Массо а гергарнаш 1адийначохь битина Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза ) V. Кхоьллинчу вайн Дала хьо декъала войла Эхартан хьан воссар ялсамане дойла Массо хьан къиношна Дала геч дойла Хьо волчу нахана собар а лойла Припев: Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина Лоьвзина урамаш д1атесна дитина Массо а гергарнаш 1адийначохь битина Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза )