Хьо оьшу суна (New 2014) ://.com/heda_heda95 (исполнитель: Хеда Якшаатова)
Хабарна со тайна, хьоьга безам бахна, Даго боху къайлах и к1ант хьуна воьг1на, Со хьоьга д1ахьоьжу, хьо кхечаьрга хьоьжу, Ла ца ло сан дагна хьо къежаш кхечуннна. Б1аьстенна заз санна, б1аьргашна нур санна, Дагна йовхо санна хьо оьшу суна, Б1аьстенна заз санна, стиглана малх санна, Безамо вехар д1а, хьо оьшу суна. Д1а ма хьежа б1аьргаш, цо ца аьлла чехош, Хиларх хьоьх уьш къарлуш, хьан хаза ц1е йог1уш, Са дууш ду собар, хаам беш хьо эшар, Сан безаман новкъа даккхахьа са малха. Генахь леларх кхи д1а хьажа хьайна гонах, Хьай --- хир яц моьттуш дуьхьал х1уьттуш г1енах, Дийцахьа ахь соьга дагахь доцу самах, Кхолламан т1е дуьллуш хазчу дийнахь юьгуш.