Отсутствует (исполнитель: Неизвестен)

Ма хаза йоьду зама хьо
Са дог а хьоьстуш жимало
И 1ехош х1ора хазчу хабаро
Ма хаза йоьду жималла
Са б1аьргаш доьлуш хазала
Са ойла хьоьстуш ц1енчу безамо

Хаъа суна, хаъа суна,
вай хаза хан даим лаьттар яц
Вай маьл даьлхарх, вай мел хьежарх
жимала а юха йоьрзур яц
Цундела ас доьхьу хьоьга
ойла яш хьо хила хьоменаг
Кхуьур ду вай вовшехь хьега
Дицда вайна юкъехь маьл хилларг

Хьо суна муха виц лур ву
Хьоьх ялахь муха мегар ю
Ахь еза бохуш дукха хьоьсту со
Хьа къона хазчу б1аьргаша
Хьа мерзачу цу дешнаша
Х1инцалц санна суна йовхо ло

Хаъа суна, хаъа суна,
кхоламмо ше йоза яздир ду
Со маьл ч1ог1а ялхарх хьуна,
Рицкъа дацахь со хьоьхь къаьстар ю
Цундела ас доьху хьоьга
Вай безама сий деш хилахьа
Кхуьур ду вай вовшех хьега
Ирсе да вай дахар хьажахьа

Ас доггахь ларйой суьйренаш
Хьоменаг хаъи-й техь хьуна
Са хьо бен дагар дийца накъост вац
Со дуьне дитна д1ацаг1ахь
Хьа безам кхана шел цалахь
Хьоменаг вовшех довла вай йиш яц

Лаьа суна, лаьа суна,
ирсах юзна суьйре йог1ийла
Даим хьайца со га лиъна
безама дош соь ахь олийла
Цундела са дагахь кхети
и са ирса суьйре сих йе хьа
Безам теза совг1ат хети
Ирсе да вай дахар хьажахьа
Вайшина ирс кхола хьажахь (2 р.)
Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте

Видео к песне:
Открытка с текстом :
Удобно отправить или распечатать
Создать открытку
У нас недавно искали песни:
Demon Hunter Blood In The Tears  Demon Hunter Screams Of The Undead  Demon Hunter I Have Seen Where It Grows  Demon Hunter Infected  Demon Hunter My Throat Is An Open Grave  Demon Hunter Through The Black  Лалита милявская  Demon Hunter Turn Your Back And Run 
О чем песня
Неизвестен - Отсутствует?
2020 © Tekstovoi.Ru Тексты песен